cочинени 23-чу февралан 1944-г1а шокъемат де 1аьржа денош



23 г1а февраль 1аьржа де1уьйранна, 23-чу февралан 1944-чу шарахь пхийттара мел ваьлла боьрша стаг ,цомгуш а ,къена а ,к1елвисина воцург ишколашка а, маьждигашка а д1акхайкхина.Оцу дийнахь Ц1ечу Эскаран деза де дара ,цхьана а стагана дагахь дацара и де иштта инзаре хир ду аьлла . Россин паччахь-Сталина къасттийна дара и де,цу дийнахь йолаелира операци «Чечевица». Немцойн оккупанташна г1о деш,Даймахкана муьт1ахь бац аьлла баьххьана даьккхина, дерриге а нохчийн къам махках даккха долийна.Оцу шини-кхаа дийнахь б1е эзар цхьа а бехк боцу адам х1аллакдина. Х1усамашкара нах арабаха болийна, кечам бан пхиъ- итт минот хан бен ца луш, къена, цомгуш верг, вада г1ертинарг вуьйш. Некъана кара х1ума эцча,машенашна т1е нах дуккха ца тарлора ,цундела кхуьйсущ юхакхуьйсура, нахера схьа а йохуш: галеш, юрг1анаш, г1айбанаш. Цу ирчачу деношкахь адамаш гул а дина, бежнаш лелош вагонаш чу а бухкуш, виъ б1е эзар стаг Казахстане, Киргизе д1абигна. Ткъа некъ инзаре беха а, хала а хила, эзарнаш х1аллакхила шело,мацалла, цамгарш ца лайна. Кхин нах д1абига вагонаш ца карийча, герз детташ, багош, кортош дохуш бабина. К1елдисина ялта дагийна, цунна мета д1овш детташ яах1ума охьакхийсина, обаргашка, Сталинан эскарна дуьхьало йина кхечу махка д1адаха ца тигна адаме и д1аьвш даийта. Инзаре дуккха адам х1аллакдина цу деношкахь. Галанчожски районехь Хьайбаха юьртахь нах д1абига вагонаш ца хилча, говраш лелош хила божли чу а боьхкина, ворх1 б1е эзар стаг вагийна, полковник Гвишианис приказ а делла. Нах д1абигначул т1аьхьа ч1ог1а ирча сурт дара х1оьттинарг, дайина адамаш массанхьа а дара: г1алахь, ярташкахь, чохь, уьйт1ахь, некъаш т1ехь. Уьш д1абуьгу вагонаш юьзна яра. Божарий а, зударий а, кегий бераш а тетта чубоьхкинера. Ткъа дийнахь д1абигара уьш Сибре. Хьож,мацалла ,делхарш, узарш, берийн маьхьарш- х1инца цхьаммо тергалдеш дацара. Некъ т1ехь дела адамийн дакъош лестош аракхуьйсура, вагонаш цхьа а минотан т1аьхьйиса йиш йолуш яцара. Нах х1аллакбина ца 1аш , вайн истори, вай къам мичара ду ца хаийта дуккха исторически документаш,книгаш, архиваш Соьлжа- г1алахь гул а йина ягийна. Дуккха а памятникаш, чурташ, б1аьвнаш, хиллий техьа аьлча санна,йохийна Сталинан эскаро. Цу шийлачу махкахь мацалла ,чуваха меттиг боцуш, шело ца лайна дуккха а нах кхелхина. Кхойтта шо хан яьккхина Сибрехь. Ц1а доьрзур ду я дац цхьаьна хууш дацара. Россин паччахь Хрушев х1оттинчул т1аьхьа, реза боцуш дуккха а политикаш боллушехь, приказ а делла нохчийн къам ц1а дерзийтина. Дуккхачу шерашкахь сатийсина де т1екхаьчча аьлча, наха тешаш бацара, церан даг чохь дерг, церан ойланаш, церан сатийсамаш,шадерг а Даймахкаца доьзна дара. Амма ц1акхаьчча церан халонаш чекх ца евлира, бухахь дисана х1ума дацара, церан юхах1отто дийзира шайн керташ, ц1енош, шайн дахар. Ткъа и дерриге а х1умма дацара, цара 23-чу февралахь лайн халоне хьаьжча. Нохчийн поэто Бисултанов Аптис нохчийн къам махках даккхарх лаьцна даздина ч1ог1а хаза мог1анаш ду,ткъ уьш дало лаьа сунна :



Т1апа куйнаш дайри шуна , Гуо беш салти байри шуна , Эхартахь бен хир дац баьхна, Къемата – де дайрий шуна? Доруш, тоьгуш марчо доцуш , Доккхуш, доькъуш саг1а доцуш, охкуш, кечдеш латта доцуш, Синош догуш дайрий шуна? Къа лерина маршо езарг, Пхьа лерина Дела везарг, Шира Нашха, нохчийн безам, Ц1ергехь ягош яйрий шуна?



Оцу кхойтта шарахь цара лайна хало вайна цкъа а магойла! Цу шерашкахь кхелхинчарна Далла гечдойла!








sitemap
sitemap